«Беза, бовза ненан мотт!» цlе йолу республикански этнографически диктант

23.04.2018

Тазбичерчу юкъара дешаран юккъерчу школехь дlахьош ду «Беза, бовза ненан мотт!» цlе йолу республикански этнографически диктант язъяр.

Хlокху миноташкахь Тазбичерчу юкъара дешаран юккъерчу школехь дlахьош ду «Беза, бовза ненан мотт!» цlе йолу республикански этнографически диктант язъяр. Диктантан т1едилларш тестийн кепехь долчу 100 хаттарх лаьтташ ду. Диктантан 1алашонаш ю: эхь-бехкаман а, гуманизман а, патриотизман а бух т1ехь граждански юкъаралла кхоллар; Нохчийн Республикин бахархойн этнографически а, культурологически а, лингвистически а хаарийн т1ег1а билгалдаккхар; ненан маттехула а, литературехула а, 1илманехула а, дийнна схьаэцча, дешарехула халкъан синмехаллаш яржор а, ч1аг1ъяр а. Диктантан декъашхой школан белхалой хилла ца lаш, лакхарчу классийн дешархой а, юртахой а бу. Диктант язъяр 2-на сохьтехь хир ду.