Къовсадалар «Йозанан паччахь»

25.10.2023

Тахана, эсаран беттан ткъе пхоьалг1ачу дийнахь, Тазбичерчу йукъарадешара Юсупов Г1анин ц1арах йолчу  йуккъерчу ишколехь д1адаьхьира «Йозанан паччахь» ц1е йолу къовсадалар.

Вайна ма –хаъара, х1ара шо вайн куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн меттан шо ду аьлла д1акхайккхийна ду. Цуьнца доьзна дара къовсадалар д1адахьар.

Къовсадаларехь дакъа лоцуш бара доьалг1ачуй, пхоьалг1ачуй классера дешархой. Х1ара къосадалар д1адахьаран 1алашо йара дешархойн хаза йаздан  болу лаам т1еч1аг1бар  а, нохчийн матте болу безам совбаккхар а .Хууш ма-хиллара, хаза, къаьсташ йаздина йоза – иза адаман синц1еналлин ца хилча йиш йоцу цхьа дакъа ду. Доккхачу хазахетарца т1еийцира дакъалацархоша къовсадалар. Дешархойн белхаш кхоччуш теллиначул т1аьхьа жюрин декъахоша къосадаларийн жам1аш д1акхайкхийра.