Гайтар (выставка) " Нохчийн къоман йаздархой"
22.09.2023Товбецан беттан 18 - чу дийнера 22 - чу дийне кхаччалц Тазбичерчу Юсупов Г1ани Х1аважиевичан ц1арах йолчу йукъарадешаран йуккъерчу ишколехь д1адаьхьира "Нохчийн къоман йаздархой" ц1е йолу гайтар.
Библиотекин белхалочун, Агаева Пет1аматан куьйгаллин к1елахь д1адаьхьначу гайтарехь дешархоша лаьцца а ца 1аш, ишколан белхалоша а доккхачу хазахетарца дакъалецира. Хьовсархойн аьтту хилира нохчийн сийлахь - баккхийчу йаздархойн говзаршка хьовса а, уьш йуха карлайаха а.