Нохчийн меттан проза хааран хьокъехь къовсадаларш (конкурс на знание чеченской прозы)
25.09.2023Товбецан 25 - чу дийнахь, Тазбичерчу Юсупов Г1ани Х1аважиевичан ц1арах йолчу йукъарадешаран йуккъерчу ишколехь, 5-11 чуй классийн дешархошна йукъахь д1адаьхьира нохчийн меттан проза хааран хьокъехь долу къовсадалараш.
"Вайн халкъана боккха кхаъ а, доккха хазахетар а ду х1ара шо Нохчийн меттан шо хилар билгалдаккхар. Цуьнца доьзна дара тахана школехь д1адаьхьна къовсадаларш а. Нохчийн меттан проза дукхаболчу дешархошна йевзаш а, йезаш а хилар гучуделира хьовсархошна. Абузар Айдамировн, 1арби Мамакаевн, Бадуев Са1идан иштта кхиа бевзаш болчу йаздархойн говзалш йара хеттаршна йукъа йихкинарш. Хазахетарца т1еийцира д1акъалацархоша къовсадаларш" - дийцира къоввсадаларан хьокъех лаьцна нохчийн меттан хьехархочо Мусаева П.
Хьалхара меттиг йаьккхира "Хьекъалча" ц1е йолчу тобано.
Шолг1а меттиг йаьккхира "Хаарийн дог1а" ц1е йолчу тобано.
Кхоалг1а меттиг "Ламанхой" ц1е йолчу тобано.