Къовсадаларш "Хаархьама"

18.05.2023

Х1утосург беттан, 18-чу дийнахь, Тазбичерчу Юсупов Г1ани Х1аважиевичан ц1арах йолчу  йукъарадешаран йуккъерчу ишколан лакхарчу классийн дешархойн тобано шолг1а йаьккхира Нохчийн Республикехь д1адаьхьначу "Хаархьам" ц1е йолчу, нохчийн маттах лаьцна хаарш зуьйчу къовсадаларшкахь.

Къовсадаларш д1адаьхьира Итум-Кхаьлларчу к1оштан йукъарадешаран йуккъерчу хьукматийн лакхарчу классийн дешархошна йукъахь.