Сулейманов Ахьмад дагалацаран суьйре

22.05.2023

Х1утосург беттан, ткъе шолг1ачу дийнахь, Тазбичерчу Юсупов Г1ани Х1аважиевичан ц1арах йолчу  йукъарадешаран йуккъерчу ишколехь д1айаьхьира нохчийн поэт, Сулейманов Ахьмад дагалацаран суьйре.

 

Суьйре д1айолош,  ишколан куьйгалхочо, Юсупова Раисас шен къамелехь Сулейманов Ахьмадан, цуьнан кхоллараллин мехаллех дийцира, кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис Сулейманов Ахьмадах лаьцна аьлла дешнаш: "И поэт вара шен амалца а, и поэт вара шен хьежарца а. И поэт вара адамашка, 1аламе болчу безамах дуьзначу шен деган дагарца".

Дешархоша х1оттийначу композицехь хьовсархошна хезира поэтан байташ, цуьнан байташ т1ехь даьхна иллеш, автобиографин дакъош.

Суьйре йерзош, нохчийн меттан хьехархочо Мусаева Пет1амата  поэтан дешнаш далийра шен къамелехь:

Къонаха вехийла Даймехкан сийнна,

Даймехкан сийл лардеш,вала и ле,

Ле иза,кхин ваха ца лууш санна

Ленвоцчу сийлалле кховдайеш ц1е.

Хила а хилла, Сулейманов Ахьмад бакъволу поэт.

Вайн х1ораннан а декхар ду цуьнан кхолларалла ларар а, йовзар а.