Региональни этнографически диктант
21.02.2023Тахана, 2023-чу шеран, чиллин беттан ткъе цхьолг1ачу дийнахь, Тазбичерчу Юсупов Г1ани Х1аважиевичан ц1арах йолчу йукъарадешаран йуккъерчу школехь д1адаьхьира регионан «Беза,бовза ненан мотт!» ц1е йолу этнографически диктант йазйар.
Диктант йазъйаран 1алашо йара нохчийн мотт 1алашбар, дакъалацархойн ненан матте болу безам совбаккхар, нохчийн маттах а, литературех а долу хаарш т1еч1аг1дар.
Б1е т1едилларх лаьтташ йара диктант: шовзткъе итт нохчийн маттах а, шовзткъе итт нохчийн литературех а долчу.
Диктант йазъйеш дакъалецира вейтта стага. Царах виъ стаг вара, итт зуда а. Регионан диктант йазъйар доккхачу хазахетарца т1еийцира дакъалацархоша. Цара билгалдаьккхира этнографин диктанташ йазъар ч1ог1а мехала а, оьшуш а г1уллакх хилар.